Суьйлих летта Демьяново-эвлара бахархой

Оьрсийчохь Киров-кIоштарчу Демьяново олучу эвлахь вовшех летта Дагестанера схьабоьвлла болу нах а, меттигера бахархой а. Цуьнах лаьцна хаам бина Маршо Радион корреспонденто. Цо дийцарехь, цу эвлахь кхайкхийна бода боьлча чу-ара валар доьхкуш йолу раж.

Цхьаболчу хаамашца, Iедалша лийцина цу латарехь дакъа лаьцна болу нах. Цу доьвна юкъаозийна хилла 100 сов стаг. Царна юкъахь лазийнарш а бу. Меттигерчу бахархоша ягийна Дагестанерчу бизнесхочуьнан кафе. ЖIуга сацош полицин белхахоша герз кхиссина.

Карарчу хенахь Демьяново-эвлахь ха деш ю ОМОН.