КIиран суьрташ. Мангал-бутт, 16-22
Президенталле кандидат волчу Мурси Мохьаммадан "Бусалба Вежарий" партин декъашхой КЪахIирерчу Тахрир-майданахь ламазаш деш. (Reuters/IабдаллахI Амр)
Киевехь гIалин чахчари чохь ловзуш ву бурконо вохвина кIант (Reuters/Степанов Анатолий)
Йеменан къилбехьарчу Аден-гIалахь бераша-мухIажирша доьшу кир лелочу машен тIехь кечйинчу меттехь.
(Reuters / IабдуллахI Халед)
Iаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн республикан партин президенталле кандидат волчу Ромни Митта Мичиганехь берзийна харжамхой шена кхаьжнаш таса кхойкху мур. (Getty Images/Редли Жой)
ХIиндой-мехкан Пенджаб штатехь йочанаша талхийна дуга гали чу дерзош ву ялталелорхо. (Reuters/Верма Ажай)
Pussy Riot тобано килсахь протестан акци дIахьош лаьцна йолу Толоконникова Надежда ялийна кхелан рогIерчу ладегIаршка. (Reuters/Синяков Денис)
Украинаний, Ингалсаний юкъахь Евро-2012- футболан ловзар дIадоьдуш стадионан украинахой фан-зонехь. (Reuters/Гаранич Глеб)
Кабулерчу мухIажирийн четар-гIалахь баьллачу мохах девдда доьлху бераш. (Reuters/СобхIани Омар)
Нью-Йоркерчу цхьана цIийнан тхов тIехь Castellers de Vilafranca цIе йолчу пелхьонийн 150 стагах лаьттачу тобано хIоттийна 8-зза тIекIел йолу бIов. (AFP/ Клари Тимоти)
Индонезерчу Гунунгкудул къоштарчу Джокьякарта цIе йолчу ширачу гIалахь "Жомбланг" олучу хьеха чу вуссуш ву м
Пакистанерчу Пешаварехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин мухIажирийн куьпара доьзалца даймахка дIаваха кечлуш ву офхIа
Македонерчу Кокино-юьртарчу абсерваторина уллерчу ломан тарха тIехь малх лаьцначу миноташкахь хиина Iа меттигера яхархо.