Европан Берто керла санкцеш яьхна Шемана дуьхьала

Шема президентан Асад Башаран режимана дуьхьала керла санкцеш яьхна тахана Европан Барто. Уьш хьакхалуш ю режиман министрийн хIусаман масех декъашхочух а, цхьа моггIа компанех а.

Церан банкера чоташ дIакъовларна тIера, Европан Бертан пачхьалкхашка бахар дехкарна тIекхаччалц ю и санкцеш.

Люксембургехь дIахьучу Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн министрийн цхьанакхетарехь къобалъйина ю хIара керла санкцеш.
Цигахь дийцаре деш ду Мисар пачхьалкхера хьал а, ГIажарийчоьнан заррат программица доьзна чIагIйеш йолу санкцеш а.