Британино официала кепара ХIон-Конг Китайга дIаяларан 15 шо билгалдоккхуш ду тахана. 19-чу бIаьшарахь дуьйна ХIонг-Конг шен карахь латтийначу Лондоно, иза, 1997-чу шарахь Китайн урхалле дIаелира.
Даздаршка ваханера Китайна куьйгалхо Ху Цзиньтао а. Дукха хан йоццуш, Хiон-Конган администрацин керла хаьржинчу куьйгалхочуьн Си-Уай Лёнана инаугурацехь дакъа лоцуш, цо билгалдаьккхира, Пекин, «цхьа пачхьалкх, ши система» боху принципехьа хилар. Цуьнца а догIуш, британхойн карахь хиллачу латта тIехь шуьйра политикан а, административан а автономи магош ю.