Европехь бехачу нохчийн мухIажаршна юккъехь дукха бу тайп-тайпанчу спортан кепашкахь къахоьгуш а, кхиамаш бохуш а болу кегийрахой. Бокс а, охьатохаран летарш а, карате а, иштта дIа кхин а - кест-кеста дуьненаюкъарчу къийсамашкахь хьалхара метигаш йоху къоначу нохчийн спортахоша.
Швейцарерчу Мартиньи гIалахь дIаяьхьанчу Рафаэль Мартинеттин Кхаба цIе йолчу маьршачу латарийн къовсаме йоллчу Европера гулвелла кхузткъе итт спортахо вара. Бельгехь бехаш болчу вайнехан латархой а бара цу турнирехь дакъалоцуш.
Бельгера нохчийн спортахой цига кхачар ларамаза а дацара. Цу махкахь, „Раерен 2006“ цIе йолчу спортан клубан вице-президент а волуш а, дуккхаъ кхиаме нохчийн спортахой кога-ира хIоттийна волу цIеяхана нохчийн тренер Гамбулатов Iиса вара Швейцарерачу турнирехь кхелалла дахьочарех цхьаъ.
Цу къовсамехь уггаре а тоьлла жамIа гатйинарг а, хьалхара метиг яьккхинарг а къона нохчинй латархо Абдурашидов Билал вара. Италерий, Австрерий, Швейцарерий виъ спортхо эша а вина, дашо мидалца турниран чемпина велира Билал.
ШозлагIа меттиг а, дато мидал а яьккхира кхиазхошна юккъехь леташ хиллачу Гамбулатов Джохара. Иштта цхьа могIа нохчийн кхиазхоша, хьалха меттигаш ца яьхнех а, амма дика техника а, кечаман тIегIа а гайтира.
Ала догIу, Бельгехь кегирхошна спортан исбаьхьалла марзаеш а, уьш когаира хIиттош а къахоьгуш волу тренер Гамбулатов Iиса европехь бехачу нохчашна юккъехь цхьажимма а спортаца герграло долчарна дика вевзаш ву. Немцойн Бундеслигин категорица спортан арбитр ву иза, ткъа кесталгIа дуьненаюкъарчу категорехь кхелалла дан бакъо тIечIагъян кечлуш а ву.
Европехь бехачу вайнехан дахарехь а жигара дакъалоцуш волу Гамбулатов ша вехачу пачхьалкхан политикна а йистох сецца вац. Иза Бельгерачу Баьццарчу Партин декъашхо ву. Цул совнаха, Гамбулатовн къинхьегамца кхоьллаелла Европехь вежарийн СайтиевнгIеран цIарах йолу Дуьненаюккъера турнир, хIора шарахь доллчу дуьненна тIера къоначу спортхошка шайн хьуьнарш къовсийта Iалашонца кхоьллина йолу.
Амма уггаре а йоккхачу шовкъийца а, марзонца а Гамбулатовс болх бо Европерчу нохчийн къоначу спортахошца. Ша куьйгалла дечу „Раерен 2006“ спортан клубан тховкIелахь цуо хIинцале а хийла къона чемпион кхиийна, Европашкарчу пачхьалкхашкахь дIахьочу къийсамашкара толамшца цIехьа боьрзуш болу. Ткъа кху деношкахь Гамбулатов вехачу Бельгерачу Раерен гIалахь цуьнан боламца дIадаьхьира нохчийн спортхой базбаран той.
Ала догIу, цхьана Белгехь хилла ца Iа кхиаме нохчий спортахой. Уьш Европа мел ю баьржина бу. Хийлаза нисло дуьнаюкъарчу турнирашкахь къоначу спортахошна юккъехь , кхин да мел берш эша а бина, финалехь вовшах лата а летта, хьалхар меттиг къовса езаш верг ши нохчий хуьлуш. Иштта нисделира, масала, дукха хан йоцуш немцойн МайнтIерачу Франкфуртехь.
Цигахь греко-римхойн латаршкахь массо а дуьхьалонча эша а вина , финале ваьллера шолвина ши ваша, Ахмадов Хьамзатий, Анзорий. Цу латарехь хьалхара меттиг а, дашо мидал а яьккхинарг Хьамзат вара, ткъа Анзоран дато мидалехий, шозлагчу меттигехий тоам бан дийзира. Цу къовсаме хьажа еана хиллачу АхмадовгIеран нанас Маликас ела а йоьлуш, дуьйцура, финалехь шен ши кIант вовшех летачу хенахь, цу шиннех муьлхарчуьнга гIо даккха деза а ца хууш, йиснера ша, бохуш.
„Айса Хьамзатехьа гIо даьккхича, Анзорна суо ямарта хуьлуш санна хетара суна, ткъа Анзорехь гIо даьккхича, вукхунна вас хилар кхоьрура“, бохура цуо. Эххар а, латар дIадоладела масех минот яьлча, кхин Iе а ца елла, и къийсам дIахьочу гIишлочуьра дIа яра яьллера спортахойн нана.
Кху деношкахь немцойн Росток гIалахь дIаяьхьанчу маьршачу латарийн турнирехь а вара масех нохчийн спортахо дакъалоцуш. Хьахьон а оьший, цара цигахь массара а аьлча санна толаман меттигаш ехира бохург?
Немцойн „Люфтфарт Ринген“ спортан клубан царах леташ хиллачу Дараев Адама дашо мидал яьккхира, турниран чемпион а волуш. Ткъа ХIамбургехь вехаш волчу Евлоев Ахьмада шозлагIа меттиг.