Мехкан тезет кхайкхийна Iамеркахь



12 стаг а вуьш, 58 стаг лаза а веш Iамеркехь Денвер-гIалийн Аврора олучу к1ошт1ахь кинотеатрна тIелатар дина волу 24-шо долу Холмс Джеймс кхела хаьлха хIуттуур ву гергарчу хенахь. Цо и зулам дар бахьана хууш дац.

И бохам хилла Авророра олучу меттехь эзарнаш нах гулбеллера, белларш дага лоцуш. Iамеркан президенто Обама Барака кхайкхийна пхеа денна лерина долу мехкан тезет. Оцу деношкахь харжамийн кампани дIахьуш вовшахтоха дагахь йолу акциш ца ян сацам бина Обама Барака а, цуьнца президентан дарж къовсуш волчу Ромни Митта а.