ДIадахана кIира сурташкахь -- Товбеца-бутт 21-27
ХIорд-йистехь маьркIаж-ламаз деш ву хIара стаг. Либи-пачхьалкх, Бенгази, Товбеца-бутт 24. (REUTERS/Esam Al-Fetori)
Шема-махкара жима йоI Iиракъехь йолчу мухIажирийн туьпехь. (REUTERS/Saad Shalash)
ХIара кIентий Урдун-махкахь дIанисбелла, Шемица болчу дозанна гена доццуш. (REUTERS/Majed Jaber)
Мехкарий Делан дош Iамош бу Исламабадехь. (REUTERS/Rebecca Conway)
Британера атлет Николас Робинсон Бейкер Олимпиадина чIогIа кечвелла хилла. (AFP/Fabrice Coffrini)
ЗаьIапхо Аде Адепитан Олимпин цIе хьош ю Лондонехь. (REUTERS/Luke MacGregor)
Мода а хийцаелла Олимпиадехь. (AFP/Miguel Medina)
Олимпин стадион ловзарш долалуш хенахь. (AFP/Indranil Mukherjee)
Беларусера тIемахой Iаморш дIахьош бу Минскана 30 км бен йоцучу Горошки-юьртан йистехь. (REUTERS/Vasily Fedosenko)
Юсуш йолу диван карор бахьанехь тIедаьллачу хих кIелхьара ваьлла хIара китайхо. . (REUTERS)
Китайра салтий гIум чохь долу галеш дохкуш бу хин бердашца пачхьалкхан коьртачу шахьар чохь Пекинехь. (REUTERS)
Янгтце-хи тIехь йина дамба совнах долу хи дIахоьцуш ю. (AFP)
Сурт-диллархочо Павленский Павела, набахти чохь болчу Pussy Riot панк-тобанна гIортор еш, шен балдаш дIатегнера Петарбухехь йолчу Казан килсана хьалха. (REUTERS)
Пакистанехь йолчу Кветта-гIалахь бусулба нах марх даста кечлуш бу. (AFP/Banaras Khan)
Испанера къилбаседа-малхбалехь цIерш вийна 3 стаг. (AFP/Lluis Gene)
Товбеца-беттан 26 чохь БагIдадехь хIаваъан температура хьалаяьллера 48 градус тIекхаччалц. (AFP/Ahmad al-Rubaye)