Дагестанера министр къола дарна бехкево


Дагестанан энергетикан, зΙенан министр Насрутдинов Мохьмад-Хьусайн бехкево махкахоша газах луш долу ахча цо шен кисина дерзорна. 200 миллион сом бу Москохара баьхкина талламаш бинчу полисхоша цо динчу къолаца доьзна хьехочу ахчан барам.