Да даржах ваьккхина воΙа


Хасу-Юьртан кΙоштаден гΙовс Джамалдинов Селимхан даржах ваьккхина, цуьнан кΙант гΙаттамхошца гергарлонехь хилар бахьана а дина, билгалдоккху оьрсийн РИА-Новости-агенталло. Амма кхечу хьосташа чΙагΙдо, цо ша дехна даржах мукъаваккхар, бохуш.

Кхаарий буса Хасу-Юьртахь, гΙаттамхой чохь хаабеллачу цΙенна го а бина, чуьрчарех, ца вала, араваьллера кхоъ, цхьаъ тΙом а бина, велира. Карабаьхкинчаралахь нисвеллера кΙоштаден гIовсан воΙ Джамалдинов Исхьакъ а.

Хиллачуьнца доьзна, Дагестанан куьйгалхочо Магомедов Мохьмадсалама дΙахьедина, гергарнаш тΙемалошлахь хаабеллачу хьакамаша дита дезар ду шайгара даржаш, аьлла.