Pussy Riot тобан декъашхошна набахтехь даха шишша шераш кхайкхийна кхело

Pussy Riot панк-тобанна гIортор еш, Iуьйрре дуьйна Москохарчу маьI-маьIIехь акцеш ю дIахьош. Соьлж-гIаларчу хенаца делкъал тIаьхьа 3 даьлча шен сацам кхайкхор бу кхело тобан хьокъехь.

"Anonymous", нохчийн маттахь аьлча «Бевзаш боцурш» олучу дуьненаюкъарчу боламан Москохарчу жигархоша бес-бесара балаклава олу куйнаш техкина, Москохарчу Пачхьалкхан Университетан журналистикан факультетана хьалха лаьттачу Ломоносовн а, Ширчу Арбатехь лаьттачу Пушкин Александран а, Гончарова Натальин а, «Белорусская» олучу метрон станцерчу партизанийн тобанан а хIолламашна тIе. Твиттерехь гучудевлла и суьрташ.

Pussy Riot тобанехьа йолу акцеш Оьрсийчоьнан а, дуьненан а иттаннаш гIаланашкахь хир йолуш ю.

Кхел йоьдучу Хамовнический кхелана улле баккхий ницкъаш тIеоьзна полицино. Кхелан гIишло йолу урам аьчкан керташца дIакъевлина ОМОНо. Керташна чоьхьа лаьтташ иттаннаш полисхойн автобусаш ю.

Алехина Марина, Толоконникова Надежда, Самуцевич Екатерина бехке еш ю, цара Москохарчу Христос КIелхьадаккхархочуьн Килсанехь цара Мареме кхайкхамаш бина «Путин хIаллаве» аьлла. Прокуроро зудаберашна кхо шо хан ехна чохь яккха. Церан адвокаташ уьш бакъбар доьху.

ТIаьххьара:
Pussy Riot панк-тобан декъашхошна набахьтехь даккха шишша шо хенаш кхайкхийна Москохарчу Хамовнический кхело.