Ши эскархо вийна курдийн сепаратисташа Туркойчохь


Туркойчоьнан къилба-малхбалерчу кIоштахь, ши эскархо вийна некъаца йоьллина бомба а эккхийтина. Кхин а масийтта эскархочунна чевнаш йина Ван олучу гIалахь, уьш чохь хиллачу гIагIдиллинчу машенна тIелатар а дина. Цунах лаьцна хаам бина Туркойчоьнан кхерамазаллин сервисан векалша.

Цкъачунна и тIелатар шаьш дина а гулла гучубевлла нах бац. Амма туркойн Iедалшна хетарехь, уьш вовшахтоьхнарш бу Курдийн белхан партин декъашхой.

28 шо ду курдийн сепаратисташ туркойн Iедалшца къийсам латто. Оцу хеначохь вийна 40 эзар стаг. Туркойчоьно а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а терроран лоруш ю Курдийн белхан парти.