Шоьтан дийнахь ГΙебарта-Балкхаройчоьнан Прохладный-гΙалахь ша вийна вахархо махкарчу Чегем-кΙоштан амиран гΙовс хилла, аьлла, даржийна республикерчу полицино.
Некъа тΙехула шен машенахь воьду и сацон гΙоьртира полисхой, ткъа и ца сецча, цунна тΙе герз тоха дийзира, боху Ιедалхоша. ГΙаттамхо вийначул тΙаьхьа, цуьнан машен чохь, кестта эккха езаш, 15 кийла бомба а карийра шайна, аьлла даржийна полисхоша.