Мурси: Асада дита деза президентан дарж

Шемахь хийцамийн хан тIекхаьчна, президент Асад Башар дIавала веза шен даржера аьлла, вист хилла Мисаран президент Мурси Мохьаммад, Шемахь хIоьттинчу хьолана комментари еш.

Мурсис шен дIахьедар дина КъахIирехь хиллачу Iаьрбийн пачхьалкхийн лиган арахьарчу гIуллакхийн министрийн кхеташонехь. Цунна хетарехь, Асада, гергарчу хенахь цу регионехь хиллачуьнан ойла а йина, дита деза шен дарж, дукха тIаьхьа хилале.

Цу хеннахь Туркойчоьнан премьер-министро ЭрдохIан Реджепа бехке вина Асад а, цуьнан го а Шемахь "пачхьалкхан террор" лелорна. Цо иштта критика йина дуьненаюкъараллина, хIумма а ца деш, бусулба нах бойуш хьоьжуш Iарна.