Шеман президентан Асад Башаран Iедална духьал керла санкциш кхайкхо барт бина Кипрехь Пафос олучу гIалахь цхьаьнакхеттачу Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министарша.
Цу хьокеъхь оьшуш долу кехаташ кечдар цара тIедиллина Евробертан арахьарчу политикехула векал йолчу Эштон Кэтринна. Уьш кечдина хила дезаш ду ГIадужу-бутт болалуш.
Кипран арахьарчу гIуллакхийн министро Козаку-Маркуллис Эратос бинчу хаамца, Евробертан министарша сацам бина Шемарчу конфликтехь зе хиллачу нахана гуманитаран гIо дар алсам даккха.