Германис дΙатосур бац шен партнераш


Германерчу Конституцин кхело къобал ца дина, Европа экономикан а, финансийн а кризисах къелхьаръяккхаран фонде шайн пачхьалкхана ахча диллар дехкар шега доьхуш талла делла гΙуллакх. Мехкан канцлера Меркель Ангелас нийса бина сацам бу иза, экономикехь тоьлла йолчу Германино гΙелонехь дΙатосийла дац шен Европера 17-тте а партнер, элира оцу хьокъехь.

Кхелан сацамо таро ло Германин президентна кхидΙа а Еврозона финансийн халонех хьалхайоккхуш оьшшу болх бан.