БрахΙимин ницкъ кхочуррий те барт бан?


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн юкъарлоно а, Ιаьрба пачхьалкхийн Лигано а Шемарчу хьолан терго ян къастийна волу БрахΙими ЛахΙдар оцу дарже хΙотторца дуьххьара вахана Демаьшке еарий дийнахь.

Хьалхо Шемин арахьарчу гΙуллакхийн министралло дΙахьедира, шен кубйгалхо ал-МуΙаллам Валид къамел дан дагахь ву БрахΙимица, аьлла. Хууш дац, Асад Башарца, Шемин президентца маца хир ду и тайпа цхьанакхетар.

Шемарчу хьолах шега жоп ца далало, аьлла, ши бутт хьалха БрахΙимига кхаьчна мисси йитира говаьллачу бартбархочо Аннан Коффис. Шемарчу Ιедалний, халкъаний, 27 эзар вахархо а вуьйш, 18 бутт хьалхха юкъабоьлла тΙом БрахΙимин сацон аьтто баларе сатуьйсу дерриг а дуьнено.