Нагахь санна цхьана стагана муьлххачу а Европерчу пачхьалкхахь политикан я гуманитаран тховкIело еллехь, цу дийнахь дуьйна и стаг jцу пачхьалкхан Iедалийн жоьпаллехь ларалуш ву, цара цуьнан кхерамазалла а, цуьнан маршонаш а Iалашъян декхар а долуш. Цу маршонех коьртаниг ю ваха-варан маршо а.
Амма тIаьхьарчу хенахь нохчийн мухIажарийн и маршо Европерчу цхьамогIа пачхьалкхашкахь хьоьшуш ю. Шайн гIуллакхна дехьа-сехьарчу Евробертан пачхьалкхашка баха новкъабевлла мухIажарш луларчу мехкашкарчу Iедалхоша, лаца а лоций, набахте бохкар нисло кест-кеста. Бахьана - уьш Оьрсийчоьнан Iедалша, террорхой бу бохуш, дуьненаюкъарчу лехаме белла хилар хуьлу.
Ишттачу бехкаца Марсахьокху-бутт болалуш Болгарин дозанехь лаьцнера Германин вахархо Гадамаури Мохьмад. ТIаьхьарчу ялх шарахь Берлинехь вехаш волу иза садаIа Туркойн махка воьдуш хиллера.
Кху деношкахь Оьрсийчоьнан Iедалан каравала кечвина нохчийн мухIажир Болгарино. И гIуллакх цу тIе ца далийта Европерчу массех пачхьалкхашкахь Болгарин векалташна хьалхахь митингаш дIаяьхьна нохчийн диаспорийн векалша.
Берлинерчу Болгарин векалтана хьалха кхо бIе сов стаг гулвеллера, цу пачхьалкхан Iедале Гадамаури сихонца маьршаваккха, аьлла, кхайкхам бан. Цигахь дакъалоцуш хиллачу немцойн адамийн бакъонашларъярхочо Эдель Герберта иштта дийцира Маршо радионе шаьш гулдаларан Iалашонах лаьцна.
Эдель Герберт: „Тхо Гадамаури Мохьмад бахьана долуш гулделла. Иза лацар низамца дац. Цкъа хьалха иза террорхо хиларна бехке винера Болгарино. Хьалхарчу кхелехь, и бакъдацар тIе а чIагIдеш, Мохьмад тоьллера. Амма кхин цхьа кхел а йина, иза бандитизм лелорна бехке ву, аьлла. Тхо цунах кхеташ дац. Иза сихонца юхаваре сатуьйсу оха.
Мохьмадан кхузахь боккха доьзал бу - ялх бер. Немцойн махкара мухIажир лацар а, тIехула тIе хIинца Оьрсийчу дIавала гIертар - иза бакъонца догIуш хIума дац. Цундела дуьхьалонан акци еш арадевлла лаьтта тхо“.
Берлинехь карарчу хенахь бехаш бу Гадамаурин Мохьмадан доьзал а, гергара нах а. МухIажиран ялх бер а, хIусамнана а, шиъ ваша а ву немцойн коьртачу шахьарехь иза цIаваре хьоьжуш. Ткъа лаьцначун ваша Гадамаури Махьмуд митингехь дакъалоцучийн могIаршлахь ву.
Гадамаури Махьмуд: „Цуьнан хьалхара кхел террорхо ву аьлла яра. Цу кхелехь иза туьйлира. Юха цара Гезгамашин- беттан 11-чохь шозлагIа кхел йина, лакхарчу инстанцехь. Цигахь цунна дуьхьалтеттина бехк цIеххьана хийцина цара, „терроризм“ бохург дIа а даьккхина, „бандитизмана“ бехкевеш. ТIом бина вац иза, бандит ву, аьлла, и бехк теттина цунна тIе хIинца. Диъ де далале, кхин хийцам ца хилахь, Оьрсийчоьне дIалур ву, аьлла, сацам а бина цара цунна.“
Шеко яц, Гадамаури Мохьмадна гонахьа кхолладелла хьал, бакъонна тIехь а доцуш, Болгарин Iедалийн векалша шайн цхьа Оьрсийчоьнца долчу йохк-эцаран я политикан закъалтна кхоьллина хьал хиларх. Болгари нохчийн мухIажиршца ямартлонан политика дIакхехьарехь Европехь дуьххьарлера пачхьалкх яц.
ТIаьхьарчу беттанашкахь нохчийн мухIажирш, Оьрсийчуьра кхочучу шеконечу омранашца леца а лоьйцуш, цу пачхьалкхе дIабала хьийзочу мехкашкалахь билгалъяьлла ю Белги а, Итали а, Хорвати а. Цигахь лецна хилла вайнехан мухIажирш, нохчийн диаспорийн векалш вуно жигара хьовзар бахьана долуш, цара хаддаза цу пачхьалкхийн векалташна хьалха митингаш а, дуьхьалонан акцеш а дIакхехьаро маьрша бехира.
Иштта Гадамаури Мохьмадан кхоллам а, шаьш бинчу тIеIаткъамца дикачу агIор берзаре сатуьйсуш, кху деношкахь митингаш дIахьо нохчийн мухIажарша Европерчу пачхьалкхашкарчу Болгарин векалташна хьалха.
РогIера дуьхьалонан акци хир ю Венехь а, Страсбургехь а, Софияхь а.