Москох маьждиг дийр дац Митино-кIоштахь

Митино-кIоштахь маьждиг а, исламан гуманитаран центр а ян шайн йолу ойла хийцина Москох-гIалин Iедалша. Цу хьокъехь сацам бина Еарийн дийнахь хиллачу шен кхеташонехь лерринчу комиссино.

Москох Iедалша шайн ойла хийцаран бахьана ду «Митино-кIоштара цхьаболчу бахархой дуьхьал хилар». «Хьалкъан гулам» цIе тоьхначу дуьхьалонан акце Кхаарин дийнахь вовшахкхеттарг вара масех бIе стаг. Царна юкъахь бара националистийн юкъараллийн жигархой. Цара кехаташ гулдинера маьждиг дарна дуьхьал.