Британино Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка дIавелла радикалан исламан дин даржорхо ал-Марси Абу Хьамза а, кхин а цуьнан 4 накъост а. И нах бехке беш бу Вашингтоно террорахошца уьйраш латторна.
Юккъерчу Ингалсехь набахтехь латтош волу Марси а, важа нах а, тIеман базе а бигина, шина кеманна тIехь дIабигина Цхьаьнатоьхначу Штаташка.
ПIераскана дийнахь и нах Iамерке дIабала сацам бира Лондонерчу Лаккхарчу суьдо. Iамеркехь ал-Марси Абу Хьамза бехке веш ву Орегон-штатехь тIемалойн тоба вовшахтоха гIортарна. Цул сов, цунна бехке дуьллуш ду Йеменерчу террорахошна гIо дар а.