Гуьржийчохь карийна «Болотная» кхоьллинарш


Оьрсийн низамхоша оршотдийнахь дΙахьедина, шаьш левечу Пачхьалкхан Думин депутатан гΙоьнчас Развозжаев Леонида даредина биъ бутт хьалха Москох, декъашхой а, полици а вовшах а леташ, бирзинчу гуламан дайшна и вовшахтоха къайлаха ахча деллера гуьржийн Ιедалша, аьлла. Депутатан-оппозиционеран Пономарев Ильян гΙоьнчас Развозжаевс цΙерш а тΙехь яьхна, боху, ахча деллачийн.

И цΙе яьккхинчех цхьаъ ву гуьржийн парламентан декъашхо, президентан Саакашвилин агΙонча Таргамадзе Гиви. Иштта, гуьржашкара Москох гуламаш дΙабахьа ахча схьаэцна, бохуш, вийца ваьккхира хьалхо НТВ-телевизионо кхин цхьа оппозиционер а – Удальцов Сергей. Иза а ву оьрсийн Ιедалша жоьпе ийзош. Амма цо харц до хΙетахьлера гуламаш вовшахтоха ахча гуьржаша делира бохург. Цунна хетарехь, Развозжаевна ницкъ а беш, даьккхинчух тера ду цуьнгара талламчаша цо дина боху даре.