Полици кийтарло ярна бехке йо


Дукха хан йоццуш ГΙалгΙайчохь тΙемалойх ву аьлла, лецира вахархо Эсмурзиев Хьасан. Цуьнан ду бохуш, цΙахь талламаш беш карийна герзаш дара тоьшалле далош Ιедалан ницкъахоша. Уьш цара шаьш-шайгара бухакхийсина, аьлла, гергарчара дина арз толлуш ю мехкан прокуратура. Хиллачух лаьцна арз динчу Эсмурзиев Хьасанан доьзална цкъачунна цхьа а жоп ца делла низам Ιалашдаран охΙланаша.