Денойн сибат

Хи хьаьддачу Венецерчу Веза Маркан майданах, гехь ларч а хьош, чекхволуш ву вахархо. Италин къибаседерчу декъа тIе мох хьовзарца дистина хиш, 11Лах12. (AFP / Marco Sabadin)


ЦIе ЖIаран векалша кхача латтабо коьртаца лазарш долчу нехан Гератерчу дарбан цIийнерчу овхIанхошна. 200 гергга цомгушниг ву цигахь ЦIечу ЖIарерчу лоьрша а, кхечу белхахоша Iуналла деш.
 (AFP / Арефа Карими)

Эрмалойн эскаршкарчу Ереванерчу иччархойн дакъойн 20 шо кхачар билгалдоккхуш.


Дуьненан Хьалхара тIом бирзича кхайкхийна хилла Машаран де дагалоцуш, оцу заман васт хIоттош бу францхой Нотр-Дам-де-Ларет кешнашкахь, Аблаин Сен-Назер, Франци. (Reuters / Pascal Rosssignol)

Серберчу Кукуевци-юьртахь, Белградна 80 километр юьстаха, виран шуьрех яькхинчу нехчан башхалла зуьйш ву вахархо. ДуьнентIехь уггаре мехала ларало и тайпа нехча - 1000 евро бу кийлан мах. (Reuters/Marko Djurica)


Iедална духьал лаьтта протестан гуламаш бIаьргех хиш тосуьйтучу газаца дIасалоьхку Манамехь, БахIрейнан коьртачу шахьарахь.(Reuters)