Газа-асанехь машар лаха дагахь ву Мурси

Газа-асанна гонах долу хаьл чолхе далар бахьана долуш дуьненаюкъара кхеташо вовшахтухуш ву Мисаран президент Мурси Мохьаммад. Цуьнан администрацин векалша дийцарехь, КъахIире дийцарш дIадахьа кхайкхина ву Туркойчоьнан премьер-министр ЭрдохIан Реджеп а, Катаран эмир Ал-Тани Хьамад а, Палестинан Газа-асанна урхалла деш йолчу ХьАМАС тобан куьйгалхо Машаал Халид а.

Мисаран премьер-министро Кандил Хишама дIахьедар дина, ша юкъарло лело кийча ву Израилна а, ХьАМАС-на а юкъахь машар беш аьлла. Шоьтан буса Израилан авиацино бомбанаш а, ракеташ а йиттина Газа-асанехь. Хаамийн агенталлаш дийцарехь, вийна мел лаххара а 8 палестинахо.