Юха а дуьнено сагатдо Малхбаленна


Инарла секретара Ги Мун Пана тΙом сихха сацоре кхайкхина Израил а, Палестина а. Иштта Мисаран президента Морси Мухьаммада а сатуьйсу, цуьнан дешнашца аьлча, Жуьгтийчоьно шен агресси сацоре. Ιаьмеркан пачхьалкхан сеекретара хаам бина, шайн Ιедалшна машар карабойла лаьа шина махкана юкъахь, аьлла. Ιаьрбийн пачхьалкхийн Лиган лидер аль-Араби Набиль, ХΙамасехьа ша хилар хоуьйтуш, вахана Газа-кIошта.

Арахьара мехкаш шина довхочунна юкъа барт билла гΙертачу юкъанна Израилан эскарша оршоьтан а, шинарийн а деношкахь 100 сов тохар дина Газарчу меттигашна. Палестинахоша хецна Израилан агΙор 20 сов ракета. Ιаьрбех вийна 100 вахархо. Жуьгтех – кеп-кепарчу хьостанаша хаам барехь, 3 стага тΙера 7 стаге кхаччуш.