Демократи эшош ю Казахстанехь


Казахстанан Ιедал кечлуш ду шайн пачхьалкхера оппозицин ши парти а, массех хаамийн гΙирс а дΙакъовла. Цигарчу инарла прокуроран пресс-секретара Суиндиков Нурдаулета дΙахьедар дина оцу хьокъехь. Оппозици а, Ιедална муьтΙахь доцу газеташ, радио, телевизионаш а бехке йира Суиндиковс стохка Казахстанан къилбехь мехкдаьтта даккхархойн гΙаттам иккхича цара экстремистийн агΙо лецира, аьлла.

Мехкан журналистийн цхьанакхетаралло а, бакъоларъярхоша а емал бо Прокуратуро болийна некъ.