Испанерчу Каталунияхь хенал хьалха хиллачу парламентан харжамашкахь толам баьккхина карарчу хенахь Iедалехь йолчу «Конвергенци а, Барт» а цIе йолчу националистийн партино. Цо гулдина 30 % харжамхойн кхаьжнаш. ШолгIачу меттехь ю АьрроагIор республикан парти. КхоалгIа меттиг яьккхина оппозицин социалистийн партино.
Цу харжамашкахь дакъалаьцна 70 % харжамхоша. Толам баьккхина хьалхара ши парти лууш ю Каталуния, Испанех дIа а къастийна, йозуш йоцу пачхьалкх кхолла.
Сепаратистийн агIончашна хетарехь, каталунахоша Испанин бюджете луш йолу ял дукха тIех алсам ю. И бахьана долуш кхиар ледара ду Каталуниян.