14 шо долу йоI йийна ши стаг лаьцна Кундузехь

14 шо долу йоI йийна аьлла, шеко йолуш ши стаг лаьцна ОвхIанистанан полицино Кундуз-провинцехь. И ши стаг тIелетта хилла цу йоIана, хи дохьуш иза йогIуш йолуш. Зуламхоша къиза корта баьккхина цуьнан. И бохам хилале ши-кхо де хьалха цу йоьIан да реза ца хилла иза церах цхьаьнга маре яхийта.

Зударшна уггаре кхераме болу мохк лерина бу стохка ОвхIанистан. Цуьнан бахьана ду цу пачхьалкхехь доьзалшкахь къизаллаш лелош хилар а, дарбанан хIусамаш тоьаш ца хилар а, бахархой къелла хьогуш хилар а.