Шен исторехь дуьххьара дийнахь-бусий адаманна тIехь ницкъ а беш, зулам ца дина Нью-Йоркехь. Цу гIалин полицин векло дийцарехь, Оршот-дийнахь цхьа а латкъам ца кхаьчна цаьрга 8 миллион стаг вехачу Нью-Йоркехь цхьаъ вийна аьлла а, герз тоьхна аьлла а, я кхечу агIора стаганна тIехь ницкъ бина аьлла а.
ХIара шо даладелчхьана Нью-Йоркехь вийна 366 стаг. Нагахь и хьал кхин вочу агIор хийца ца лахь, иза уггара лахара гайтам хир бу 1960-гIачу шарахь дуьйна лаьрча.
Цхьаболчу эксперташна хетарехь, цу гIалахь зуламаш дар лахдаларан бахьана ду, полицино уьш ца дайта, юхьарлаьцна йолу тактика.