Iамеркан президенто Обама Барака тIеман министран дарже хьалхатеттина сенатор хилла волу республиканхо ХIейгел Чак. Коьртачу Талламан Урхаллан куьйгалхочуьнан дарже хьалхатеттина Бреннан Джон. Иза президентан терроризмаца къийсам латторехула хьехамча вара. Цунах лаьцна официалан кепара хаам бина Обама Барака Оршотан дийнахь.
Пентагонан куьйгалхочо Панетта Леона дIахьедар динера, ша шен дарж дуьтур ду Обама Барак юха а президентан декхарш кхочуш дан волавеллачул тIаьхьа аьлла.
66 шо долу ХIейгел Чак Вьетнамехь хиллачу тIеман ветеран ву. Иза вевзаш ву Израилна критика еш хиларца а, ГIажарийчоьнца дагадовларшца юкъаметтигаш дIанисъян лууш хиларца а.
ЦхьамогIа Республикан партин цIарах болчу конгрессан декъашхоша шаьш реза ца хилар хаийтина Обамас и стаг тIеман министр харжарна. Цундела ХIейгел тIечIагIвеш гIоьртина дебаташ хила мегаш ю Сенатехь.