Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс кхин цкъа а кхайкхам бина Шемарчу оппозицига а, лидершка а президентца Асад Башарца дагадовларш дIахьо, цу махкахь Iенаш долу цIий сацон.
Шемарчу оппозицина президент Асад дIаваха лаьа. Асадана – хIуъа дина а, Iедалехь виса лаьа.
Дукха хан йоццуш Асада шен къамелехь Шемара оппозицига дагадовларшка кхойкхуш дина дIахьедар карладаьккхира Лавровс.
Лавров: Оцу хьолара ара муха валалур вара аьлча, тхо тешна ду, хьалхара билламаш боцуш, Женеван коммюнике бух т1ехь чекхдевлча, валалур вара. Аса кхин цкъа а боху, хьалхабаьхна цхьа а билламаш боцуш. Х1унда аьлча, хьалхара билламаша диалог хуьлуьйтур яц.
Аьттехьа а дагадовларш дар т1е ца дуьтуш йолу оппозици а, массо а дагадовларийн стоьлан т1ехьовшо беза.
Маршо радио: Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла секретаро Бан Ки Муна хаийтира, Асада кIира хьалха динчу къамело шен дог далийтина хилар. Изза ойла йолуш Цхьанатоьхна Штаташ а яра. Керла тIом кхайкхор санна тIеэцна иза Шемарчу оппозицино а.
Лавровс кхин цкъа а билгалдаьккхира, машаран дагадовларш хилале, оппозицино Асаде шегара дарж охьадилла аьлла биллам хIотторна а, Оьрсийчоьно гIортор еш ца хилар.
Шина шарна гергга баьллачу тIамехь хIинцале велла 60 000 стаг.
Оцу юкъанна, шемарчу жигархоша далочу тоьшаллашца, Шеман коьртачу гIалина Димашкъана йистехь йолчу кIошташкахь артиллерин герзаш диттина Асадана муьтIахь долчу эскарша кIиран дийнахь. Мел лаххара а 36 стаг велла.
Иштта, Шеман тIеман кеманаша Азаз олучу базарна тIе бомбанаш йиттина. Цигахь дIатарбелла хилла дуьхьалонан ницкъийн векалш. Жигархойн хьесапехь цигахь 16 маьрша стаг я гIаттамхо вийна.
Туркойчоьнца долчу дозанна иттех чаккхарма генахь йолу и гIала гIаттамхойн карахь ю.
Шеман оппозицин Къоман коалицин куьйгалхо Алхатиб Моаз кIиран дийнахь цхьаьнакхийтира Урдун мехкан арахьарчу гIуллакхийн министрца Джуда Насерца.
Димашкехь дикка вевзачу диндас Алхатиба Урдуне йина дуьххьарлера визит яра иза. Къоман оппозицин куьйгалле иза баханчу баттахь хIоттийнера.
Аналисташа бахарехь, исламисташ тIехьовсучу коалицин векалшца долчу цхьаьнакхетаршкахь дакъа лаца башха лаам боцуш реза хуьлу Урдунан Iедалш.