Алжирехь исламхоша лецна нах бевдда


Алжирерчу хаамийн гΙирсаша дийцарехь, 15 кхечу мехкашкара волу а, 30 бухара а йисархо ведда Алжирерчу тΙемалоша лаьцначуьра. ЭннахΙар цΙе йолчу доларчу телехьожийло тоьшалла до, бевдда, исламхойн карара бевллачаьрца ши францхо а ву бохуш. И нисделла Либин дозанна гергарчу къоштахь.

Амма официалехь хаам тΙечΙагΙбан аьтто ца болу дуьненаюкъарчу информацин хьостанийн. Алжирехь бухара а, тΙебаьхкина а маьрша нах лецна деношкахь Францино тΙом болийначу Мали-махкарчу исламхошкахьа болчу тΙемалоша шаьш НАТО-альянсан ницкъаша гоне лаьцча. Герзахошца къамел дечу Алжиран Ιедалша аьттехьа а ца дуьту тΙемалойн тΙедахкарш.