Ашрафан куьйгацIеналла зуьйш ю



Пакистанан Лакхарчу кхело 6 де делла коррупцина дуьхьало латточу урхаллана премьер-министр Первез Ашраф Раджас хΙун зуламаш дина талла. Къоман жоьпаллин бюроно дуьхьалойо Первез Ашраф лацийта. Талламаш бан ма доггΙу ца бина, чΙагΙдо цо. Ашрафа тΙе а ца дуьту хьалха хин а, электроэнергин а министр волуш ша къоланаш дина бохург.

Скандал йолаяларца доьзна шен белхан меттехь ирхъоллавелла карийна хин, тоькан махкарчу коьрта фирман куьйгалхочун гΙовс волу Фейсал Камран. Иза муха нисделла толлуш ду Ιедалш.