Дагестанан куьйгалхо Магомедов Мохьмадсалам шен даржах волуш ву


Карарчу хенахь Дагестанан куьйгалхо волу Магомедов Мохьмадсалам республикан лаккхарчу даржера дIа а ваьккхина, цуьнан метта гуьйренан харжамаш тIекхаччалц Абдулатипов Рамазан хIоттон тарло оьрсийн президента Путин Владимира. И хаамаш баржийна тахана Iуьйранна дуьйна Оьрсийчура хаамийн гIирсаша Кремлера а, Дагестанера а администрацерчу хьосташна тIе а тевжаш.

Изза хаамаш тIечIагIбо оьрсийн Форбсо а, Дагестанерчу Iедалера стоьлан да а, совдегар а волчу стеган дешнашна тIе а тевжаш.
Форбсо бахарехь, Магомедов Москох ву, путинца цхьанакхета некъаш лоьхуш. «Магомедов куьйгаллин даржера дIаваккхарца доьзна хаттар къастийна даьлла ду. Карарчу хенахь иза кхечу балха вахийтар ду дуьйцуш дерг», аьлла Форбсе Дагестанан администрацерчу хьостано.

Амма Путинан зорбан-секретаро Песков Дмитрийс бахарехь, Путинан планехь дац Магомедовца цхьанакхетар.

2010-чу шеран Чиллан баттахь дуьйна Дагестанна куьйгалла деш ву Магомедов Мохьмадсалам. Дийцарехь, дуьхьалонан болам жигара хилар а, республикера цхьадолчу тайпа-тукхамашца девнехь хилар а цуьнан ледара агIонаш лерина.