Клинтон ХIиллари - Iамеркан Коьрта Дипломат

Клинтон ХIиллари (Аьр) шен хIусамдеца, Iамеркан президент лаьттинчу Клинтон Биллца (Юкъ), йоIаца Челсица (Аьт) Вошингтонехь Пачхьалкхан Департаментан Хьаьким хIоттош церемони чекх яьллачул тIаьхьа. Чиллан беттан 2 де, 2009.

2008-чу шарахь президентан харжамашкахь демократхойн цIарах кандидат хиллачу Клинтон ХIилларис ша харжамашкахь эшца схьаийцира, керлачу президента Обама Барака шега кховдийна маьIне дарж. 

Клинтон ХIиллари шен йоьIаца Челсица лаьтташ ю, Сенатан арахьарчу юкъаметтигийн Комитетана хьалха чlагlо яле. Дечкен бутт, 2009 шо. 

lамеркан Пачхьалкхан Секретаран даржехь хилла кхолагlа зуда ю Клинтон Хlиллари. Цул а хьалха цу даржехь хилла Олбрайт Мадлен (Аьр). 2000 шарахь Кlайчу Цlийнахь даьккхина ду сурт.

lамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхийн секретар Клинтон Хlиллари балдашна тlе басар хьакха йистах яьлла, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Нью-Йоркехь йолчу коьрта гlишло чохь туркойн президентаца Гюль lабдуллица (Аьт) къамел дале. 2010, Гезгмашан-беттан 23 де.

Немцойн канцлер Меркел Ангела (Аьт) йоьлуш ю Клинтон Хlилларица Пачхьалкхан Департаментехь Меркелан сий деш йинчу делкъехь. 2011, Товбецан-бутт 7 де. 

Туркойн арахьарчу гlуллакхийн министре Давутоглу Ахмете (Аьр) "куьг" луш ю Клинтон Хlиллари Цхьанатоьхначу Эмираташкара Абу Дабихь долчу Emirates Palace олучу хьешан цlийнахь шайн шина агlонан дагадовларш дуьйладалале. 2011 шо, Товбецан беттан 9 де.

Клинтон Хlиллари (Аьр) куьг ластош ю Либера салташна ша Триполе дlаяха новкъа ялале. 2008 шо, Гlадужу беттан 18 де.

Los Angeles Lakers баскетболхойн тобан барзакъ схьаоьцуш Клинтон NBA клубан гоьвалла декъашхо а хилла, Пачхьалкхан Културин Департаментан векал волчу lабдул-Джаббар Каримера церан Вошингтонехь цхьанакхетар хилча. 2012, Дечкен беттан 18 де.

Вошингтонехь lамеркан Ассигнованийн Комитетехь 2013-чу шеран бюджетан хьокъехь къамелаш дечу хенахь букъа тlехьа билла гlайба кховдийча бlаьрг таlош ю Клинтон Хlиллари. 2012, Чиллан-беттан 28 де.

Шурийн фермехь болчу бечу тобан куьйгалхочо Фири Эммис тlе коч юхуш ю Клинтонна, иза 2012-чу шеран Марс-хьокху баттахь Малауи яхана йолуш. Африкан къилба-малхбале яхана дуьххьарлера lамеркан пачхьалкхан секретар ю Клинтон.

Къилба Африкан президент хиллачу Мандела Нелсонца сурт даккха дlахlоьттина Хlиллари Клинтон Манделин Кхунухь йолчу хlусамехь. 2012, Товбецан-беттан 6 де.

Оьрсийн президент Путин Владимир (Аьр) дуьхьалкхетта Владивостокерчу Азин-Тийначу Хlурдан Цхьанабелхан саммите яханчу Клинтонна. Оьрсийчоь, 2012, Гезгмашин беттан 8 де.

Деа шарахь ша lамеркан пачхьалкхан секретаран даржехь бинчу балхах лаьцна Клинтон Хlилларис аьлла: "Суна хетарехь, 2009-чу шеран Дечкен батте юхадаха деза дагадаийта - мел къие яра Цхьаьнатоьхна Штаташ. Мел чlогlа талхийна дара вайн васт. Вай хьалхара хилар шеконехь дара. Экономикан кризисо мел галбаьккхинера вайн lедале, вайн экономике, вайн пачхьалкхе болу тешам. Сан белхан дакъа дара юьхьанцара дуьйна дерриг дуьнентlехь lамерке болу тешам а, иза лидер хилар а юхадlахlоттон а."