Папа Бенедикт XVI-ниг сурташ тIехь
Папа Бенедикт XVI-ниг ламазаш деш ву Ватиканехь, Везачу Кипин Базиликехь. 31-12-2012.
Бенидикт зиярте баьхкинчу нахе хьоьжуш ву. 19-04-2005.
8 шо долу Ратцингер Йозеф (1-ра могIа, аьрру агIора 6-ниг), Ашау-ам-Инн бохучу гIалахь. Бавари, Герман-пачхьалкх, 1935.
Ратцингер Йозеф (аьтт) шен Георг бохучу вешица, уьш мозгIарийн дарже бохучу хенахь. Герман-пачхьалкх, 1951.
ХIара сурт 1943 шарахь даьккхина ду, 2-гIа Дуьненан ТIом боьдуш. Жима Йозеф немцойн хIаваъан ницкъашкахь гIоьнча вара.
Ратцингер Йозеф (аьрр) теологин профессор вара хIара сурт доккхуш,.
Кардинал Ратцингер Оьрсийн Православин Архиепископца Димитровский Владимирца. Германи, 1979.
Бенедикт, Уьстмалахь долчу Сийна Маьждиг чу веача, совгIат луш ву. 2006.
Католикийн-Бусулбанийн дуьххьар хиллачу форумехь Бенедикт цхьаьнакхийтира Боснера муфтица Церич Мустапца (аьрр). Ватикан, 2008.
Папа Бенедикт (аьрр) Оьрсийн Митрополит Кирилл тIеоьцуш ву Ватиканехь. 2006.
Падчахь Элизабет II-ниг Папица Эдинбургехь. 2010.
Кэнтерберин Архиепископ Вильямс Рауэн (аьрр), Папица Лондонехь. 17-09-2010.
Кубин лидер Кастро Фидел (аьрр) тIелоцуш ву Папа ХIаванехь. 2012.
Папа Оьрсийнчоьнан президент хиллачу Медведев Дмитрийца. 2009.
Бенедиктан карахь шел хьалха Папа хиллачу Яхьъя-ПахIалан сурт лаьцна лаьтташ ву, ша Полшехь католикашца вовшах кхеттачу хенахь 2006 шарахь. Яхьъя-ПахIал эвлаяийн дарже ваккха гIоьртира Бенедикт.
Бенедикт Либанехь. 15-09-2012.
Бенедикт Кроацера Загребехь. 5-06-2011.
Освенцим. Полша, 2006.
Камерун, 2009.
Казахстанан куьйгалхо Назарбаев Нурсултан а ваханера Ватикане. 2009.
Беларусин президентан Лукашенка Аляксандран кIант Микалай совгIатана киншка луш ву Бенедиктана. Ватикан, 2009.
Папа Бенедикт ГIажарийчьонан керлачу векалца Насери Iела Акбарца. Ватикан, 2009.
Бенедикт аудиенци луш ву Iамеркан президентана Обама Баракана. 2009.
Папа Бенедиктан Твиттерехь аккаунт ю. Сурт тIехь цуьнан масех маттахь хилла йолу хьалхара твит ю. 12-12-2012.