"Одноклассники.ру" тIехь "лаьцна" Нохчийчура жимастаг цIаваийтина

Оьрсийчоь, ФСБен векалш

Эххар а цIаваийтина «Одноклассники» сайт тIехь тIемалочун сурта тIехула къовсадалар а хилла, Нохчийчура къайлахчу ницкъаша дIавигина хилла Теркйистера жимастаг.
Ши кIира гергга хан яьккхина ницкъаллин структураша лаьцна дIавигначу Теркйист кIоштан Iелин-юьртарчу Дешиев Шамалан кIанта набахтехь. Цунна бехке диллинарг хилла, ма-дарра, аьлча, интернетехь тIемалойн агIонча а хилла цо къамел дар а,цхьана тIемалойн баьччана сурт цу чуьра дIадаккха цо дуьхьало яр а.

Схьагучу суьртехь 17-18 шо бен хан йоцчу жимачу стагна дагахь ца хила шена къайлахчу сервисан белхойг тIаьхьа кхуьур бу аьлла а, интернетехь йозанехь къамелаш динера аьлла ша жоьпе ийзор ву аьлла а. Бакъду, дукха хан ялале цунна хиъна, къастам боллуш аьлчи,дешан маршо йолчуха,тIома ваьлла леллачу Дешиевна хаийтина шена моьттург гена дуй.

Кху карарчу Чиллана беттан хьалхарчу деношкахь лаьцна дIавигна иза,мукъа ца валийтина I4-чу дийнахь бен.Цунна цигахь ,еттар биста кхаччалц,тIеIаткъам биний хаар доцург,гергарниш хIуьттуш бац,цуьнан хьокъехь «бур-бур» аьлла дош хазо.

Вуьшта аьлчи къайле ю ДешиевгIеран кIант лаьцнарш хIун структураш ю а,и мичахь, муьлхачу набахтехь чуьвоьллина латтийна а. Билггал хууш ду ерриг бохург санна хан цуьнга Соьлжа-гIалин цхьана набахтехь такхийтина хилар. Ша тутмакх лаьттинарг цкъачунна наха юкъа волуш а вац.

Цуьнан хьокъехь могIарерчу бахархоша олуш дерг кхето вуно атта ду,вайнехан кица санна: «Хьалха хьажий бен ког ма баккха,тIехьа хьажий бен дош а мА ала». Масала шен юьртахо лацарх ишта дуьйцу кхузткъара ваьллачу Юсупа:

«ГIуллакх доцург стена дуьйцу. Батт а сацаяй IадIехьа. ХIинца цхьа хIума а дийца а мА ца оьшу. Закрой свой рот лаа ма ца аьлла IадIехьа.IадIиIнеххьа-м хир дацара. Деладахь хир дацар-кх. ЦIа веъча ахьа везар.Цара Iаьхна хир вара иза-м.»

Цо а кхечара а кхеторехь.пIелг биллал бен йоцу батт саца а йина, IадIийча дика ду. ЛадегIам кIезиг хир бу.
Цу кеппара хьажам болчех ю Айнаъ а.

«ХIун дика болх бина цо. Гергарчарна ,йиш-вешина сингаттам баьккхи-кх цо.Аттаниг хIун дара. Царна сингаттам а ца боккхуш IадIехьа.Массо а хIума ладугIуш дуй а хаьа а.И саннарг лохуш,тIабевлла буй хаьа а. Уьш аьлчи могуьйтур доций а хаьа а. Стена леладо?ЦIеранш стена хьийзабойту. IадIийча дика дар-кх. ЛадегIам кIезиг хир бар-кх»

МогIарерчу наха мискъал зарратал лечкъош дац тахана Нохчийчохь Iедалехь болчарна Iотталуш,царна резадоцуш,уьш аьшнаш беш, хIума алар кхераме хилар. «Кхийринчу нана йилхина яц». Нохчийн цу кицан маьIна тахана тIех дика кхетало могIарерчу нахе. ХаОс.