Таханлерчу дийнан тоьллачех долу сурташ

ШиIаташна юкъахь бомба а иккхина, вийна стаг валхош ю хIара йоI. Кветта, Пакситан. (AFP/Banaras Khan)

Дуккха а шиIаташ а бойуш Кветтахь динчу тIелатарна духьал маьхьарий детташ бу хIара зударий. Пакистан. (Reuters/Naseer Ahmed)

Йохочу хIусаман корехула даьккхинчу кху сурта тIехь гуш ю 2014-чу шарахь хир долчу Олимпийн Ловзарийн Адлерехь йолу стадион. Сочи, Оьрсийчоь. (Reuters/Kai Pfaffenbach)

Алеппо, Шема.

  ПIерскан Iуьйрана Челябинскан кIоштахь, Москохана 1500 км малхбалехьа йоьжначу метеорито йохийначу неIаран дакъа. Оьрсийчоь. (Reuters/Olaf Koens)

14 шо долу, куьйгаш а доцуш вина,  Карими Iаббас сатесна ву ОвхIанистанан цIарах Паралимпийн Ловзаршкахь дакъалаца. Кабул, ОвхIанистан. (Reuters/Omar Sobhani)

Косово йозуш йоцуш йолу 5 шо кхачар даздина цу пачхьалкхехь КIиранан дийнахь. Косово, Приштина. (AFP/Armend Nimani)

Ереванехь шен чура хIуманаш юхкуш ю хIара зуда. Ереван, Эрмалойчоь. (Reuters/David Mdzinarishvili)