1944-чу шарахь вайнах махках бахар билгалдоккхуш бара шоьтан дийнахь Малхбалерчу а, Малхбузерчу а шахьаршкахь беха нохчий а, меттигашкара бахархой а.
Туркой-махкахь - Истамбулеххьий, Хоьнкараххьий, Урдун-махкарчу Ιамманеххьий хΙуьттучу гуламийн хан вайн эфирал тΙаьхьа нисъяларна, цигара къамелаш довзийтар тΙахьататта дийзи.
Истамбулера ГΙоьрдала Мансура хаам бо Туркойчохь муха билгалдоккхур ду вайнах Сталина махках бохийна де.
Your browser doesn’t support HTML5
Европехь беха нохчий, ахча вовшах а тоьхна, сагΙанаш доькъуш бара къам махкахдаккхар дагалоцуш. Гуламаш бара вайнехан мухΙажирш бехачу хΙора а пачхьалкхехь санна.
Мюнхенехь, Авторханов Ιадрахьманан коша барза теΙхΙиттина, доΙанаш дечийн могΙарийн коьртехь вара Маршо Радионо зΙе тоьхча эмиграцеш долчу Ичкерин Ιедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад. Дагалецаман барамех а, Чиллан-беттан 23-гΙа де стенна шаьш билгалдоккху цо иштта дийцира.
Your browser doesn’t support HTML5
Дозанал арахьарчу нохчаша а, гΙалгΙаша а, церан баланаш шайн дегнаш чохь кхубучу кхечу къаьмнийн векалша а шуьйрра билгалдаьккхира вайнаха Ιовжаме долу, уьш Сталина махках бохийна де.