Салафийан лидер вен кхачийна


Бангладешера салафийан хьалханча тΙеман зуламаш дарна пачхьалкхан кхело вен кхачор Ιаьткъинчу нехан карах лаххара а 15 стаг велла махкахь. Еарий дийнахь Даккерчу кхело нах байъарна, зударий хьийзорна, талораш дарна, ницкъаша хΙиндойшка им дуьллуьйтуш леларна аьлла, вен кхачийна Саййеди Хуьсайн. Оппозицин ДжамаΙат-и-Ислами партин куьйгалхочун гΙовс ву иза. Цуьнан агΙо лаьцна гуламашка буьйлучу наханий, полициний юкъахь лилхинчу летаршкахь белла нах. Оппозицина хетарехь, Ιедало шен гамо ю цунна тΙехь окхуш.