Магасо бан догIий те нохчийн мухIажирийн гIайгIа?


ГΙалгΙайн Карабулак-гIларчу мухΙажирийн «Промжилзона» четар-юьртахь беха нохчий богу шайн цигара Ιойла йохарх. И тайпа некъ болийна меттигерчу Ιедало.
Хьалха а гΙиртина хьакамаш мухΙажирех меттиг мукъаяккха, амма вукхеран яц баха меттиг.

ХΙинца цхьа кхаъ а кхаьчна мухΙажиршна. Царех 40 доьзална кхушара петарш яла сацам бан дагахь ду ГΙалгΙайчоьнан Ιедалш. И хаам бина мехкан адамийн бакъонаш Ιалашъечу хьукматан хьалханчас Оздоев Джамболата.

Кху хаамехь тамашениг ду, мухΙажирш Нохчийчуьра бевдда бахана боллушехь, царна Ιойла кечъян гΙерта Ιедал Соьлж-ГIаларниг а доцуш, Магасераниг хилар.