Гаррехь лакхадаьлла Германехь тIаьхьарчу хенахь нохчийн мухIажарийн терахь. Цу махкахь вайнахана карарчу хенахь комаьрша политикан тховкIело луш ю, бохуш, даьржинчу хабарца доьзна ду иза. Тхан корреспондента Азимова Сийлахас теллира, и хабар бух болуш ду я деккъа цхьа эладитта ду бохург.
Берлинан гена йоцуш Iуьллуш ю Бранденбург лаьттан тIехь йолу АйзенхIюьттенштадт цIе йолу цхьа жима гIала. Нохчийчуьра Германе баха схьаоьхучу мухIажаршна дика евза и Iаманза волчунна яккха хало цIе йолу меттиг, хIунда аьлча, цигахь ю немцойн махкахь уггаре а яккхийчех мухIажарш тIеоьцу лагер. Карарчу шарахь 2000 сов керла тховкIело лоьхуш тIевеънарг Iалашван кечлуш бу цу лагеран куьйгалхой, кху бIаьста 7,5 миллион ахчанна и мухIажарийн кхерч туо а еш.
Даханчу беттанашкахь хаъалла лакхадаьлла Бранденбург лаьттахь а, амма цигахь хилла а ца Iаш, иштта Берлинехь а, Келнехь а, Дрезденехь а, кхечу немцойн гIаланашкахь а тховкIело лоьхучу нохчийн терахь. Иза карарчу шарахь кхин а лакхадер долуш хиларх шеко яц меттигерачу Iедалхойн.
Бранденбург лаьттан социалан министр волчу Шроьдер Вольфганга а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр волчу Циб Рудолфа а, шаьш кху деношкахь АйзенхIюьттенштадтерачу лагеран болх талла вахана волуш билгал ма -даккхара, даханчу шарахь 1300 герга бен стаг цу лаьттахь тховкIело лоьхуш билгалваьлла ца хиллехь а, кху шарахь и терахь 2000 сов дер долуш ду.
Шеко йоцуш, цу керла тIебаьхкинчу мухIажаршна юккъехь цхьа доккха дакъа дIалоцуш бу Нохчийчуьра бевдда баьхкинарш. Нагахь санна, гергарчу хьесапехь 2009-чу шарахь дуьйна 2012 шо кхаччалца тховкIело лоьхучу нохчийн терахь йоллучу Европехь а, - тIом марсабаьллачу муьраца дуьстича,- мелла а лахделла хиллехь, тIаьхьара хIокху цхьана шарчохь и терахь цIеххьана лакхадаьлла. Цхьана Германехь хилла ца Iаш, Белгехь а, Францехь а, Австрехь а. Амма, массо а тергамхой цецбохуш, билгал ду и хIума къаьстина Германехь.
Цуьнан бахьана долчух тера ду, тIаьхьарчу масех баттахь Нохчийчохь а, ткъа иштта мухIажарш бехачу Полшерачу лагершкахь а, цул совнаха интернетехь нохчийн гуламашкахь а эладиттанаш даьржина хилар, Германехь карарчу хенахь Нохчийчуьра мухIажарш массо а тIеэца аьлла, низам арадаьлла, бохуш. Цхьаболчара гуттар а деталаш а хьехош дуьйцу, „охан беттан I-ра де тIекхаччалца тIеоьцур болш бу шуна вайниш“, бохуш.
Иза бакъ ду я дац бохург толлуш Маршо радио зIене елира дуккхаъ шерашкахь нохчийн мухIажаршца белхаш беш волчу адамийн бакъонашларъярхочуьнца Эккехард Маасца. Немцойн-кавказхойн доттагIаллин юкъараллин куьйгалхо волчу цунна дика девза Германерчу нохчийн хьал.
Эккехард Маас: „Нохчийн тобанашкахь тIеоьцуш долу низам ду бохуш долу хабар – иза деккъа эладитта ду, цхьа а бух боцуш. ХIунда аьлча, Германехь цхьа хьукмат ду, Мигранташца а, мухIажаршца а болх баран хьукмат аьлла цIе а йолуш. ТховкIело лохуш волу хIора а стаг цигахь ша-ша толлу, цунах теша мегар ду я дац, хьожуш.
ТIаккха цара тховкIело луш къобалбеш берш шаьш билгал политикан бахьанашца шайн даймахкахь хьийзош бу бохучунна тоьшаллаш дахкон аьттонаш берш бен бац. Ткъа иза, хIинца и тIом боьдуш болу I0 шарал сов хан яьллачул тIаьхьа, вуно хала хуьлу. Стенца доьзна ду ца хаьа суна, амма тIаьхьарчу хенахь Нохчийчуьрчу мухIажарийн тулгIе хазанесанна алсам аьлла.
МухIажарш тIеоьцуш йолу меттигаш хьалаюьзна ю тоххарехь. Масала, МухIажарийн хьукмат а, керла тIебаьхкина берш тIеоьцу меттигаш а сихонца кхин а керла гочдархой лоьхуш бу карарчу хенахь меттигерачу нохчашна юккъехь, хIунда аьлча шайн хIинца болчу ницкъашца уьш ларош бац, ур-атталла нохчашкара интервьюш схьаэца а. Кхин цкъа а: кхузахь нохчий тобанашкахь тIеоьцу бохург бакъ дац, иза эладитта ду“.
Маршо радио: Адамийн бакъонашларъярхочуо дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь Германе, мел кIезга а, кIиранахь I0-20 стаг кхочу Нохчийчуьра. Царна юккъехь дукхахберш я цомгуш нах хуьлу, я вуьштачу гуманитаран бахьанашца махках бевлларш хуьлу.
Эккехард Маас: „ХIора кIиранахь дукха нах кхочу кхуза Нохчийчуьра, мел кIезга а, 10-20 стаг. Ас тоьшалла до, Нохчийчура вуно дукха адам керла кхуза схьаоьхуш хиларна. Царна юккъехь дукха бу цомгаш берш а, заьIапе берш а. Гуманитаран бахьанашца схьаоьхуш бу уьш, Нохчийчохь шайна дарбанаш дан аьттонаш шайгахь ца хиларна. Дукха бу царна юккъехь, масала, пехийн цамгар туберкулез дерш а, дуккхаъ бераш а ду дегний лазарш долш, нервийн лазарш дерш а бу“.
Мааса дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь, мелхо а, Нохчийчуьрчу мухIажаршна халох ду, шаьш политикан бахьанашца махкара бевдда баьхкина бу бохучунна тоьшаллаш дан. Цаьрга Iедалхоша хотту, нагахь санна шун хьал боккъал а иштта кхераме хиллехь а, тIаьхьарчу иттех шарахь шу Нохчийчохь муха Iеделла, зе-зулам а доцуш, олий. ХIетте а, боху адамийн бакъонашларъярхочуо, политикан бахьанашца баьхкинарш хIинца болуш бу.
Эккехард Маас: „Цкъа хьалха бомбанех а, тIамех а бевдда берш бара кхуза схьаоьхучарех дукхахберш, тIаккха политикан мухIажарш бара, хIинца дукхахберш гуманитаран мухIажарш бу. Амма и бохург дац, политикан бахьанашца бевддарш бац бохург. Бу. Масала, Iедало лаьцна хилларш, таIзарш динарш а, гергарниш дIа а лоцуш, уьш байъинчул тIаьхьа, церан декъеш мехах Iедалера схьаэцнарш а бу керла тIебаьхкинчарна юккъехь. Амма царна хала хуьлу, шайца хиллачу Iоттабаккхамашна тоьшаллаш дахко“.
Германехь схьаоьхучу нохчийн терахь мел алсам даьлла бохург го АйзенхIюьттенштадтера хьал тергал дича. Карарчу хенахь цигарчу лагерехь 469 стаг ву доллучу дуьнентIера веана. Ткъа царех I73 стаг, аьлча а, нийса ах – Нохчийчуьра мухIажарш бу. Кхин дIа Германехь иттанашкахь йолчу лагершкара хьал ца дийцича а.