ГIалино молу хи оьцучу Хуанпу хи чуьра 1,500 сов хьакхин дакъа лаьцна

Хуанпу хи чохь хIинцале схьалацаелла, еллачул тIаьхьа чукхоьссина хилла бархI эзар ах эзар хьакха. Еарин дийнахь меттигерчу Iедалша хаам бира, шайна кхин а 900 хьакха карийна цу хи чохь, аьлла.

ГIалино молу хи оьцу цу хи чуьра. Дийцарехь, луларчу Чжецзян провинцера хьакхарчий кхобучу фермера нахана чукхиссина хи чу, еллачу хьакхийн декъеш.
Меттигерчу хаамийн гIирсаша бахарехь, цхьана фермеро мукIарло дина хьакхийн декъий хи чу кхийссар. Оцу гIуллакхана таллам болийна Iедалша.

Iалам лардарна тIехьожучу урхалло рогI-рогIехь толлу Хуанпу хи. Меттигерчу Iедалша гIалин бахархой тешийна, и хи мала мегаш ду, цуннна хIумма а ца хилла, аьлла.