Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак шозлагΙа ша дарже хаьржинчул тΙаьхьа духхьара вахана Израиле. Тель-Авивехь къамел деш, цо элира: «Со тешна ву вайн гергарло даима а лаьттар ду бохучух». Ша и чΙагΙдеш а веъна Израиле, бохура Обамас.
Премьер-министра Нетаньяху Биньамина баркалла элира Обамина, иза виллина а Израилан шен кхерамзалла Ιалашъян йолчу бакъонехьа лаьтташ хиларна. АгΙонийн дийцарийн теманаш ю ГΙажарийчоьно айбина заррат герзан кхерам а, Гергарчу Малхбалехь машар хΙоттор а.