Тамашийна хенан хIоттам лаьтта Европехь кху тIаьхьарчу беттанашкахь. Iаьнан уггаре а шийла хила декхар долчу хенахь тов лаьттира, ткъа хIинца, бIаьсте юккъеяьлча а, шелонаш а, гIура а дIа ца йолу. Iилманчаша глобала Iаламан хийцамийн билгалонаш лору иза, ткъа вайнаха-м „тIаьхьарчу заманан“ аматаш лору.
Тамашийна хенан хIоттам лаьтта Европехь кху тIаьхьарчу беттанашкахь. Iаьнан уггаре а шийла хила декхар долчу хенахь тов лаьттира, ткъа хIинца, бIаьсте юккъеяьлча а, шелонаш а, гIура а дIа ца йолу. Iилманчаша глобала Iаламан хийцамийн билгалонаш лору иза, ткъа вайнаха-м „тIаьхьарчу заманан“ аматаш лору. Азимова Сийлахас дуьйцу Европехь дахделлачу Iаьнах лаьцна.
1969 шарахь дуьйна иштта шийла а, тIеда а, кхоьлина а, уьне а еана яц, аналисташа дийцарехь, Европехь бIаьсте. Цу рекордо ша-башха кхоллараллин шовкъ а юккъеяьккхина бахархошлахь. Интернет-машанахь вуно шуьра даьржина ду, масала, цхьаммо лайх винчу гIура-дадин сурт, Iа кIордийначара лаьтта охьа а вожийна, ша вуду-бозбуанчийн тайниг санна, гайчу арсаш диттина, Iуьллуш волу. Амма бIаьсте хIуммаъ тIекхача дагахь яц. Мелхо а, еари дийнахь а, пIераскан буса а Австрехь а, Германехь а, Италехь а, Францехь а ткъо сантиметр герга керла ло тессина.
Юкъарчу хьесапехь цхьана Австрехь 150 миллион евро сов зе хир долуш ду бIаьсте стиглахь йиссар бахьана долуш. Ткъа цу, ахчанца дуста йиш йолчу, зенел а халох ду нахана тIехь цу кепара дахделлачу Iаьно беш болу тIеIаткъам: цаьргахь кIеззиг бен ницкъ ца бисина, дахарх, - даима а бIаьста хуьлуш ма-хиллара, самукъадалар дац, депресси лазар кхеттачеран терахь алсам долуш ду. Ткъа и бохург ду, иштта а Европехь уггаре а дукха ша-шена тоьхна беллачийн терахь долчу Венехь, шена тIе куьйгаш кховдийнарш я иза дан лууш берш алсам бовлуш бу, бохург.
Венехь бехачу нохчашна а чIогIа Iаьткъина кху шарахь бIаьсте тIе ца кхочуш, сел дуьхьал ялар. Дукха бу кхузарчу нохчийн доьзалшкахь цомгуш хиларна ишколе я балха ца бахлуш, биснарш. Венерчу Европехь уггаре а яккхийчехь самукъадаларан парк ларалучу цIеяхханчу Пратерехь болх беш ю масех шо хьалха Австре яха схьаена йолу Сацита. Цуо дуьйцу, хIора шарахь хIоккху хенахь берийн деларех а, самукъанечу аьзнех а гIовгIане хилла Пратер хIинца, байлахь йисича санна, еса лаьтташ ю, бохуш.
Сацита: „Цхьа ши де деанера довха, тIаккха бераш а схьадуьйладеллера Пратере. Амма юхахьовзийначу шелонах къаьхкина и бераш а, церан дай-наной а кхин ца догIу цу парке. Со суо а цигахь шелъелла, цомгаш хилла, хIинца бен араяьлла а яц балха. Иштта цомгашниш мел дукха бу, грипп йолуш, шелбелла. ХIара санна шело-м суна кху хенахь гина а яц кху Австрехь. Уггаре а хаза хан хила езаш ма ю хIара, доллу дуьне а самадаьлла. Стохка хIоккху хенахь доца пхьуьйшаш долу кучамаш а йоьхна лелара нах, хIинца-м и кетарш а, и куйнаш а лелон дезаш ду. Тамашийна шело ю-кх хIара кхузахь хIоьттинарг“.
Адамашца нийса балахьоьгу бIаьстенан йовхо ца хиларна дийнаташ а, акхароша а. Эзарнаш хьуьнан пхьагалш хIинцале а елла, латта дукха шийла хиларна я хьаннашкахь хIинца а Iуьллуш ло хиларна, бохуш саготта бу меттигера дийнатийн лоьраш. Иштта балехь ду олхазарш, бIаьста йовхачу махкашкара даймахка цIадоьрзуш долу. Уьш стиглахь тIома догIучу хенахь шийлачу мохо хьовза а дой, шаьш юьхьаралаьцначу некъах тила а тилий, ле, орнитологаша дийцарехь.