ХIокху шеран оханан баттахь, Кадыров Рамзанан геланча веара Урдунера нохчашна тIе, нохчийчу хьажа-хIотта ван лууш стаг валахь я гуттаренна ван лууш валахь, Кадыров Рамзана мехаза кеманаш дахкийтина дIавигира ву аьлла. Гуттаренна Iан лууш воцчуьнан, соьлж-гIала хьешийн цIа чохь шинан кIиранах садаIа дIагIур ву, гуттаренна Iан лууш волчуьнан меттиг а, петар лур ю, аьлла.
Урдунера дукхах болу нохчийн Кадыров Рамзан Iедалан реза боцу дела, цига гIура болуш бац. Амма цхьа берш бу, шинан кIиранна кхарста дахар хира ду, кхин хIумма ца бохуш юха а догIур ду шаьш бохуш. Мехаза кхарстар хира ду, аьлла дIабаха кечбелла. Дукхах болчара, цигахула дIа ма гIо, бохуш хьехамаш бо.
ХIунда аьлча, 2011-гIа шеран зазадоккху баттахь Кадыров Урдуне веача, нах гулбина, ша 10 кема даийтира ду аьлла, цхьа ши кема даийтина, нохчийн цига бигна, цигахь шу юха дига кеманаш дац бохуш, ахчанаш чекхдаьлла, нахана тIебиссина, цIа бан йиш йоцуш биснера Урдунера нохчийн. Гуттаренна дIабахна цигахь меттигаш а, петарш елча а, цигахь бан болх бац, бохуш дуьйцу цхьаболчара.
Ишттачу хабарх Iеха велла шайн мел долу гIуллакхах ваьлла, дегIастана, вахна, шайн гергар стагах лаьцна дуьйцу Фатимас.
Маршо радио: Фатима, ДегIастнахь волу хьан гергарчу стеган гIуллакхаш муха ду?
Фатима: Дера и сан гергара стаг, валлахIи-биллахIи, чIогIа говза ма вара, и болх дика хууш ма ву. Кхечу махкахь болх беш вара дика алапа долуш. Иза дерг Iаддитина Нохчийчу дIавахар. Цигахь, церан болх бола бина шайн хирг дира. Мел долу хIума то дича, балхара дIаваьккхира, зенаш деш. Цул тIаьхьа маханна хIун оьшу хьаьжна, цхьа бизнес ян волавелира. Дика гIирс эцна, нах Iама а бина, Iедалера бакъонна собар деш, бакъо ца елча, Iедале хаьттича хIунда ца елла аьлла, Рамзанан йиша ю цу бизнесах терра гIуллакх долийна. Цунах гIуллакх хира дац хьан, аьлла и бохам бира цара цунна. Иза чIогIа хала хетта, нохчийн чохь Iийра вац ша, кхечхьа болх лоьхуш ву-кх и.
Маршо радио: Рамзанан йишин муха дагаеана и бизнес?
Фатима: Суна хетарехь, цо газетан тIехь реклам йиллина яра. Иштта хиъна хира ду-кх царна. Царна ма хаьа. Вовшашка къамелаш ма до Iедалан нах. Дукха нах ма баьхкира цунна тIе цу гIуллакхан реза хилла. И хиъча, цуьнгара и бизнес дIаяьккхира цара. Ахча деллехьара, Делан дуьхьа, цуьнан гIуллакхаш дIадоьрзур ма дара. Кхаъ ца белча, гIуллакхаш ца лела нохчий чохь. Суна вевзаш цхьа стег ву, цо 5 эзар Доллар делла, шайн кIант балха оьцург. 5 эзар Доллар ло кIант балха воьцург! Иштта ду-кх цигара хьал. Цхьа доьхна хьал ду цигахь. Ахчанаш ца делча цхьа а гIуллакх ца лела.
Маршо радио: Рамзан ву ма боху Урдунера нохчашка дегIастана дийла бохуш. Шу цигара арадуьйлуш хилча, тхо цига муха доьлху?
Фатима: Урдунера наха-м бац хьуна нохчийчу баха сахьийзаш. Цига бахана, сакъера, дIагIур бу уьш. Суна бевза нохчийчуьра кесталгIа баьхкина нах бу цигахь баха ца белла. Мел йолу хIума еза ю боху, белхийн бац, кхаъ ца белча гIуллакх ца лела боху. Берашна а зударшна атта дац цигахь баха. Суна девзаш цхьа масех доьзал ду кхузахь, юропе дIадаха гIерташ.
Маршо радио: Дела реза хила хьуна, Фатима.
Фатима: Дела реза хила массарна. ХIара аша массаьрга дIахоуьйтуш долу, баркалла шуна а.
Маршо радио: ХIара хабар дохьуш веана гелана, Сувеле гIала веана ву. Сувелера Шишани Ткъариге хаьттира ас, Сувелера нохчашна муха хета геланчо деана хабар, аьлла. Шишани Ткъариг хIара къамел дира Маршо Радионан:
Шишани: Хьанах дага ваьлла хаьттира ас, массо реза вац цу гIуллакхан. хIете, нах болуш-м бу шинан кIирнах нохчий чохь Iан баха реза Рамзан везахь ца везахь. Шайн са а къера, самукъа даьккхина богIур болуш бу.
Маршо радио: ХIун бахьна ду цо мехаза кеманаш дахкийтар?
Шишани: Оьрсашна а, кхечарна моттийта гIерташ ву-кх, Урдунехь берш шайна реза бу, аьлла.
Маршо радио: Гуттаренна гIур бу аьлла хетий хьуна Урдунера нохчи?
Шишани: Ца хета. Нагахь гIахь, Рамзан дIавахарг догдохуш гIур бу.
Маршо радио:: Рамзан сих-сиха нохчаш дегIастана дIабига гIертарх цхьа а кхеташ вац. 2011-гIа шарахь, Зазадоккху баттахь Вайнах хелхаран тоба ялош Рамзан Урдуне веача, дукхах берш паччахьан култура гIалахь, вайнехан хелхаршка хьийса бахна бара, Рамзан ган бахна бацара. Хелхарш чекхдаьлча, цо хеттарш дан лууш берш гулло аьлла, цига чохь хиллачарех кхоалгIа дакъа цуьнан тIе гулбелла хетарш деш, юкъар цхьана кIант иштта хаьттира дира цуьнга:
Нохчийн кIант: Ахь нохчи а, гIазкхи цхьаъ бу боху. Муха хилла, маца хилла нохчи а, гIазкхи цхьаъ!
Маршо радио: цхьа а ца кхийтира Рамзана цу кIантана делла жоьпах. Сани тIевола, бохуш цо мохь битича кхералур ву моьттуш, и кIант Ичкирин байракх хьалхахь кхозуш, цунна тIе а вахна къамелаш дира. ТIаьхьа хаьттича, кIанта ша ца кхийтира Рамзана бохучух елира,- оьрсийн керст буй баций, вайн кестачунна дуьхьал хIунда лета, вай оьрси байина, бохуш цо хабар дуьйцуш ша кхеташ вацар. ТIом беш тIебаьхкинарш оьрси бацара. Вай-м дацар оьрсашна дуьхьала тIом бан дахна, аьлла цу кIанта и хабар дийцира тIегулбелла кегийрашка.
Тидамхоша боху, хIунда ву Урдунера нохчашна тIегIерташ, царна мехаза кеманаш дахкийта гIерташ! ТIамо цIенош дохийна, хIинца ма бу нохчи ГIалгIайн махкахь боьхуш, цIан баха йиш йоцуш. Царна гIо хIунда ца до. ХIор денна чуьра дIауьдуш нах бу. Чохь дика хьал а, деш-маршо елахьара, белхий белхьара гIур ма бацара. ХIун аьлла гIур бу Урдунера гуттаренна нохчийчу баха.»