Саакашвили вилспет тΙера охьакхетта


Туркойн махкарчу Анталехь садоΙуш, вилспета тΙера охьа а кхетта, лазийна, дарбан цΙийне виллина гуьржийн президент Саакашвили Михаил. Туркошца шина пачхьалкхан културан гергарлонаш дийца вахана вара иза.

КΙирандийнахь, официалан балхах иза мукъаволуш, баьлла и сингаттам, туркойн ХΙурриет Дейли Ньюс газето дийцарехь. Истамбулерчу дарбан цΙийнехь ву Саакашвили.