ТΙеман риторика лела корейшлахь


Къилбаседа Корейно ракетийн атака яхь, оьшшу дуьхьало ян кечлуш, тΙеман хьоле балийна шайн ницкъаш Къилба Корейно а, Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а. Сеулан а, Вашингтонан а векалша тоьшалла до, Пхеньяно тоха кечйина лаххара а генна йоьду ши ракета бохуш. Къилба Корея а, Ιамерка а дуьхьало ян кийча хилар довзуьйту, шен хьостанаш тΙе а тевжаш, Сеулерчу ЙонхΙап агенталло а.

АгΙонийн юкъаметтигаш эгΙна Къилбаседа Корейно ши бутт хьалха, зарратан герз зуьйш, стигала рогΙера шен ракеташ хецара, цо тΙом балахь а аьлла, шен махкарчу хьешашка арабовлар дехар а бахьанехь.