Лерина операци дΙаяьхьча хΙун карийна?


Мазалкан къоштахь Ιедалан ницкъаша ерзийна шаьш кху муьрехь дΙахьош хилла «экстремисташ», «террористаш» лоху операци. Мехкан оперативан куьпо ца йоккху цхьана а лаьцначу стеган цΙе. Амма, масала, Гуьчка-юьртара, «вахΙабхо» ву аьлла, лаьцна вигина жима стаг хьахийра деношкахь Маршо Радиоца къамел деш меттигерчу бахархоша.

Талламашка ерзийна хиллачу шолгΙачу юьртахь Раздзогехь а ца карийна шайна зуламе стагга а, хаам бо операци дΙаяьхьначу штабо. Цул совнаха, оцу юьртахь тΙаьххьарчу 10 шарахь цхьана а тайпа зулам дина дац, чΙагΙдо меттигерчу Ιедалша.

Кхеташ дац, юьрт оццул оьзда ехаш хилча, хΙун бахьана хилла цигахь лерина операци кхайкхон.