Шалха эккхийтар хилла Бостонехь

Your browser doesn’t support HTML5

ТIаьхьий-хьалхий ши бомба иккхина оршот-дийнахь Бостон-гIалахь йоьдуш хиллачу марафонехь, лаххара 3 стаг вуьш, кхин 140 сов лаза а веш. Финишан сизана улле кхочуш хиллачу цу шина лелхийтарна юккъехь 13 секонд яра. Бостонан марафон Патриотийн Дийнахь хуьлуш ю. Оцу дийнахь дагалоцу Iамерко, шен маршо йоккхуш, бина болу тIемаш. AP video