Депардьё кхузахь, Депардьё цигахь...

Азербайджан -- Францера актер Депардьё Жерар (Аьр) "Азербайджанан юучу хIуманна" йинчу рекламехь

Оьрсийчоьнан паспорт а, Соьлж-гIалахь петар а кхаьчначул тIаьхьа, Францера актер Депардьё Жерар хIинца Азербайджанера юучу хIуманна реклама еш ву.
Оьрсийчоьнан паспорт каракхаьчначул тIаьхьа Францера актер Депардьё Жерар Оьрсийчоьнна къилбехьа вирзина. Ма-дарра аьлча, Азербайджане.

Азербайджанан Iедалша Евроньюс тIехь гойтучу Азербайджанан туризман рекламехь французхо Азербайджанхойн яахIума хестош ву ма-хуьллу.

Реклама муха яьккхина ю аьлча, гонаха шортта азербайджанхоша еш йолу юург йолуш, Депардьёна кинон сценарий йоьшуш ву белхахо. Оцу сценарина тIера Азербайджанан Iаламан хазаллех лаьцна цо дуьйцу цхьа хIума а ца хеза, юучунна тIе а вирзина, цунах чIогIа там хиллачу Депардьёна.

«ХIокху тайпа яахIума йолу пачхьалкх, хьекъал долуш хиларх кхеташ ду», олий билгалдоккху Депардьёс. «ГIан» ду олу цо иза, яахIума юучуьра а соций.


http://www.youtube-nocookie.com/embed/6iS9RrsP-zE


2011-чу шарахь Товбецан баттахь дуьххьара дийца долийнера Азербайджанера хаамийн гIирсашкахь, цо реклама йоккхуш дакъа лоцур ду аьлла.

http://www.azernews.az/culture/34290.html

Кавказ йовзуьйтучу рекламехь цо дуьххьара дакъа лаьцна дац. 2011-чу шарахь Эрмалойчуьра Армавиа олучу, хIаваан кеманийн компанина йинчу рекламехь а дакъа лецира цо.

http://www.eurasianet.org/node/63809

http://www.youtube-nocookie.com/embed/--3QfkdTfqw

Дукха хан йоццуш, шена яьхначу пародешкахь а карийна Францера актерана. ХIокху беттан юьххьехь Соьлж-гIалара стигал-гIишло йогуш яьхначу видео суртийн бух тIехь. Стигал-гIишлойн комплексах цхьанна чохь пхи чоь йолу петар елла Депардёна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цхьаболчу блоггерша а, социалан машанийн декъашхоша а забарш йира, йогучу сигаьркица дIавижинчу Депардьёс яьккхина хир ю и цIе, бохуш.

http://www.rferl.org/content/chechnya-fire-kadyrov-parody/24951323.html

Масех бутт хьалха, Францера Iедалша йоккху ял тIех лакхара ю аьлла, Депардьёс латкъам а бина, цунна оьрсийн махкалла елира Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира.

БIеннаш, Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу республикашкахь бехаш болу оьрсийн эргIадбахийтира цу гIуллакхо. Депардьёна масех дийнахь махкалла елла, къомаха оьрсийн долчу шайна иза ялар шерашкахь дахло, аьлла.

http://www.rferl.org/content/depardieu-2-day-passport-irks-russians-who-wait-years/24820201.html

Депардьё, иштта, гина узбекан президентан Каримов Исламан йоIаца Каримова Гуьлнарица. ХIокху шеран Дечкен баттахь арахецначу видео тIехь и шиъ йиш локхуш ду.

http://www.youtube-nocookie.com/embed/BRJvekJ30KE